Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ва ман таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:
Лараме бусалба нах! Веза-Сийлахьчу Дала вовше дика деш хилар т1едиллина вайна. Веза-Сийлахьчу Дала т1едиллина вайна воккханиг жимчуьнга хьожуш хилар, ч1ог1аниг г1ийлачуьнга хьожуш хилар, аьтто берг хала волчуьнга хьожуш хилар. Ткъа вай терго йан йезачарах ву шен да д1аваьлла висина доьзалхо. Да д1аваьлла висинарг уггаре г1ийлачарех ву-кх. Тхов д1аьбалла-кх цуьнан. Иза 1алаш вийриг, лара вийриг, цуьнан 1уналла дийриг д1аваьлла-кх. Цундела, цуьнан дог хьастар, цуьнга хьажар Делера йоккха ял хуьлуш х1ума ду.
Веза-Сийлахьачу Дала къуръан чохь боху:
«Аш 1ибадат дойла Аллах1ана, цханне х1уманехь цуьнца накъост а ма лаца, да нанаца дика хила, гергарчуьнца а, буоберашца а».
Хьажа, Веза-Сийлахьчу Дала ма даздина буоберан хьакъ. Дала буоберан хьакъ хьаха дина гергарчу нахаца. Да нана а, гергарниг а д1авалча буобер хьахийна Дала. Цо гойту буобер хьайн гергара дацара аьлла д1ататта мегарг ца хилар. Мелла а гергара стаг санна герга озо дезаш хилар. Ткъа буобере хьожучунна йоккха ял хуьлу, Веза-Сийлахьчу Дала бохург кхочуш деш хуьлу иза.
Буоберан дог доьхна ду хьуна. Кхечу берийн дас шен доьзал 1алаш беш гича, цунна дага дог1у шен да схьавелхьара цо шен а 1уналла дийриг хилар. Цундела, т1ехваьлла терго ца йеш ма хилалахь буоберана. Буоберан хьалха хьайн доьзал ма хьасталахь, цуьнан догдухур ду хьуна цо иза гучу ца даккхахь а.
Буоберана т1ех ма валалахь цунна цхьа дика ца деш. Ахь буоберана дина дика Веза-Сийлахьчу Далла гергахь деза ду хьуна, х1унда аьлча, хьо буоберан цуьнан ден меттана хуьлу дела ахьа цунна терго йечу хенахь. Шен да дагавог1у цунна. Шен ден йовхо хаало цунна. Шен дас шех бийр болу къинхетам хаало цунна. Цундела, ахьа дина к1езиг х1ума а, буоберана иза доккха х1ума ду хьуна. Цу к1езигчу х1уманна Дала хьуна йоккха ял лур йу хьуна.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Хьаъа а буоберана коьрта куьг хьаькхича, ц1енна Аллах1ан дуьха бен хьаькхина а доцуш, цуьнан куьг хьакхаделла х1ора месан барамехь цунна диканаш хира ду».