Зудчунна буобер кхаба атта х1ума дац, цундела Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, доккха тоьшалла дина буобер кхобучу зудчун.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Эмкал т1е хьевшиначу зударех диканарш къурайшийн зударий бу, ч1ог1а дика хуьлу уьш жимачу буобераца».
Къурайшийн зударий шайн буобераца гуттар ч1ог1а дика хуьлу аьлла бевзаш бу, цундела уьш хьаста бина Пайхамара, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Царех йу муьлхха а йисина буобер кхобуш йолу зуда, иза къурайшах йацахь а. Цундела, Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хьаста йо йисина зуда шен буобер а кхобуш 1аш йолу.
Буобер д1а ма таса боху вайга Пайхамара, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Буобере хьажар ялсамане вахаран некъ бу.
Вайн Пайхамара, Аллах1 реза хуьлда цунна:
«Со а, буобер 1алаш дешверг а х1ара шиъ санна хира ву ялсамани чохь» – аьлла шен (куьйга) ши п1елг д1асабахийтира.
Д1асабахийтина ши п1елг санна уллехь хир ву бохург ду иза. Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, кхин гена хира вац буобер 1алаш деш хилларг. Буоберан г1уллакхе хьаьжнарг ву изза. Муьлххачу а кепара цуьнга хьожуш хилларг. Цу буоберийн нана а йукъ йог1у кхунна. Байлахь бисина шен доьзал 1алаш беш хилла зуда а Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, шина п1елгал кхин гена хира йац. Ма доккха дазалла ду иза! Ма йоккха ял йу иза!
Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, эхартехь мичхьа хир ву? Ялсамани чохь уггаре лекхачу меттехь хир ву-кх. Ткъа шина п1елгал генахь воцург цуьнца хила ма веза. Йа Аллах1! Ма доккха дарж ду иза буоберана дика дарца Ахьа луш дерг.
Лараме бусалба нах, буобераца дика хилар оццул деза хилча, цуьнца вон хилар мел доккха къа ду аьлла хета хьуна?! Йисинчу зудчуьнца вон хилар, цуьнца а, цуьнан буо бисина доьзалца а харцо лелайар мел доккха къа ду аьлла хета хьуна?! Ма ч1ог1а оьг1аз г1ур ву Веза-Сийлахь Дела цаьрца харцло йечунна, царна вон дечунна. Амма тахана дуккхачу нехан хьекъалш д1адаьхьина буоберан хьокъехь. Цаьрца харцо йо, церан хьакъ т1екховду, озадой схьадоккху, царна г1ийло йо. Иза доккха зулам ду, Веза-Сийлахьачу Дала иштта дуьтур доцуш долу. Веза-Сийлахь Дела цаьргара ч1ир ца оьцуш 1ийра вац, царна та1зар ца деш уьш буьтур бац Цо.