Минбаран хьехамаш - страница 3

Шрифт
Интервал



7- Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера салават а, салам хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьа а иман диллина хир вац – шена дезаш дерг шен (динан) вешийна а деззалц.» [(Бухари: 13, Муслим: 45)].


8-Худри некъех волучу Абу СаIийд СаIд бин Синана (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: « (Бахьана доцуш) ца мега зен дан, (бахьана долуш) ца мега зен дан.» [(Ибн Маджат: 2340—2341, ад-ДаракъутIни)].


9-Абу ХIурайра Iабдур-Рахьман бин Сахра (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Аса шайна дихкиначух (ца магийначух) ларло, Аса шайга омра диначух шайга далуш дерг де. Боккъалаъ, шул хьалха баьхнарш (хилларш), цара хеттарш дукха дар а, уьш шайн пайхамарашна Iеса хилар а бахьана долуш хIаллакбина.» [(«ИIтисам бил китаби вас суннати» жайнахь Бухарис дийцина: 6777, Муслим: 1337)].


10-Рукъаййатан дас Тамим бин Авс ад-Дарийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дин – догцIеналла гучуяккхар ду». Оха хаьттира: «Хьенан хьокъехь?». Цо элира: «АллахIан а, Цуьнан Жайнин а, Цуьнан элчанан а, бусалба нехан куьйгалхойн а, массо бусулба нехан хьокъехь а» [(Муслим: 55)].


11- СаIдан кIанта Абу Iаббас СахIла (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: « (Цкъа) цхьана стага, пайхамарна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе а веана, хаьттира (цуьнга): «ХIай, АллахIан элча! И йича со АллахIана а, нахана а везар волу Iамал йовзийтахь суна.» (Цунна жоп луш пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна)) элира: «Кху дуьненан хIуманна суьпа хила хьо – АллахIана везар ву хьо, нехан (долахь долучуьнан хьокъехь) суьпа хила хьо – нахана а везар ву хьо»» [(Ибн Маджат: 4102, «дика» («хьасан») даржехь хьадис ду)].

МИНБАРАН ХЬЕХАМАШ

ДЕШХЬАЛХЕ

Бисмиллах1иррохьманиррохьийм. Хастам бу Аллах1ана, 1аламаш кхиош, кхобуш волучу, вайна Ислам дин дахьаш Элча ваийтина волчу, джах1лан боданера 1илман серлоне вай даьхна волчу. Салават а, салам а хуьлда вайн Элчанна Мухьаммадан а, цуьнан доьзалшна а, Асхьа́башна, царна т1аьхьа мел ваьзначун а къемат де даллац.


Лараме бусалба нах, х1ара шоллаг1а жайна ду шен чулацам хьехамаш болу. Хьалхара жайна «МИНБАРАН НУР» ц1е йолуш дара. Дагна хьехам беш ца хилча дог ч1аг1ло, буьрса долу, шен Делах гена долу. Цундела, Веза-Сийлахь Дала т1едиллина вайн хьехаме ладохар, вовше хьехам бар. Хьехаман уггаре сийлахь-декха меттиг мимбар ю. Мимбар т1ера хеза вайн хьехамаш, мимбар т1ера даьржа ийманан нур, мимбар т1ера яьржа эхартан некъ гойту серло. Цундела, тайп-тайпанчу мимбрш т1ехь бина хьехамаш бу х1орш, берише бац, делахь царех хаьржинаш бу. Веза-Сийлахь Дала беркате бойла х1ара жайна, х1ара йаздинчунна а, доьшучунна а, хьехначунна а, массо бусалба нахана а. Т1къа х1инца ладоха вай мимбаран хьехамашка.