Минбаран хьехамаш - страница 4

Шрифт
Интервал


Сайд-Селиман к1ант Хьусайн.

ДЕЛАН ДУЬХЬА ЛЕЛАР

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:


Лараме бусалба нах! Веза-Сийлахьчу Дала вайна т1ейихкина 1амалш шина кепара йу:

1-Деган 1амалш

2-Меженан 1амалш

Царех уггаре коьрта 1амал, иза – деган 1амал йу. Деган 1амална т1ейоьг1на йу меженан 1амал. Цундела, ч1ог1а терго йан йеза вай вешан деган 1амална.

Бакъду, деган 1амал цхаъ йац, дуккха а йу уьш. Уьш йерриш хьахор йац вай, амма царех уггаре коьртаниг хьахьор йу, Веза-Сийлахьчу Делан пурбанца. Иза меженашца йеш йолу 1амалан ният ц1енна Делан дуьхьа хилар ду. Иза ч1ог1а коьрта х1ума ду. Уггаре коьртаниг а ду. Х1унда аьлча, 1амал Делан дуьхьа йацахь иза эрна йу. Иза йоьхна йу. Иза Веза-Сийлахьачу Дала къобал йийр йац. Меженашца йеш йолу 1амал дег1ах тера йу, ткъа уьш Делан дуьхьа хилар синах тера ду. Шена чохь са доцучу дег1ах дан х1ума дац. Цундела, дег1ан са эшаре терра, вайн 1амалшна оьшу уьш Делан дуьхьа йеш хилар.


Ткъа х1ун ду те Делан дуьхьа хилар бохург?

Цунах жоп делла Ислам динан воккхачу Имамо 1из бин 1абди-Сала́мас, Аллах1а къинхетам бойла цунах. Цо аьлла:

«Делан дуьхьа хилар, – иза кхииначу бусалба стага ша Далла муьт1ахь хилар ц1енна цхьана Аллах1ан дуьхьа хилийтар, Далла ша муьт1ахь хиларах наха ша вазваре а, шена лерам баре а сацатийсар, йа динан пайда хиларе а, йа дуьненан зенах ша хьалхаваларе а сацатийсар».


Хьажа, х1ай лараме бусалба ваша, йиша, ма хала х1ума ду иза. Цхьа а тайпа цхьанна пайдане са ца туьйсуш, ц1енна Делан дуьхьа йан йезаш йу 1амал. Иза ч1ог1а хала х1ума ду. Цундела, иза хала х1ума долу дела, делахь а иза хала дара аьлла цу т1ехь къахьоьгуш волчунна а ял 1аламат йоккха йу.


Вай-м х1унда дуьйцура вай, вай-м миска нах ду, дийнахь – буса къинош летош ду. Вайн ийман а г1ийла ду. Амма гуттара ч1ог1а къинах ларлуш хилла болу дикачу нахана а хала хилла-кх шаьш лелошдерг ц1енна Делан дуьхьа хилийтархьама.

Имам Суфъя́ну Саврийс, Аллах1а къинхетам бойла цунах, аьлла: «Ниятел халачу х1уманан т1ехь къацахьегна аса, даима галдолу сан иза».


Шен ният Делан дуьхьа хилийтарал хала х1ума дацара шена боху цо, халла ша шен ният Делан дуьхьа хилийтича, цхьа хан йаьлча галдолура иза шен. Х1унда? Х1унда аьлча стага йеш йолучу 1амалах шена хуьлу пайданаш гуш хилча, церан дуьхьа шен ният д1а ца хьовзийта ч1ог1а хала ду, даима сема хила веза цу т1ехь. Амма мел сема хилахь а цхьа хан йаьлча галдолуш карадо цунна шен ният.