Хаттар кхолладала там бу хьан: Т1аккха сан цхьа а х1ума Делан дуьхьа ма дац, оццул хала х1ума хилча ният Делан дуьхьа хилийтар!
Цхьа кхаъ бу сан хьоьга, иза – хьо хьайн ният Делан дуьхьа дац бохуш сагаттадеш мел ву хьан ният Делан дуьхьа ду хьуна. Хьо хьайга даима бехк боккхуш мел ву Делан дуьхьа лелаш вац со бохуш, хьо Делан дуьхьа лелаш ву хьуна. Х1унда аьлча, хьо сема ву хьайн 1амал Делан дуьхьа хилийтарна т1ехь. Хьо сагаттадеш ву. Амма хьо цхьана а тайпа сагаттадеш воцуш хьайн ниятана, бе башха доцуш лелаш велахь, т1аккха кхерам бу хьуна.
Лараме бусалба нах! Делан дуьхьа лелаш верг шен 1амалш нахал йохуш хир вац. Нахана йовзуьйтуш лелаш хир вац. Амма шен 1амал нахе хьахийча пайда хира белахь, т1аккха хьахаярх х1умма а дац. Вайн 1елам наха, Аллах1а къинхетам бойла царех, аьлла: «Делан дуьхьа лелаш волчо шен диканаш хьулдо, шен вуонаш хьулдар терра».
Хьан вуонаш ахьа хьул мадарра, хьайн диканаш а хьулдан деза ахьа.
Лараме вежарий, йижарий! Вай деш долу х1ума Делан дуьхьа далахь цунах берката хуьлу. Цунах пайда а хуьлу.
Имам Хьамду́н бин Ахьмаде, Аллах1а къинхетам бойла цунах, хаьттина:
– «Салафин1 къамел пайдехь х1унда ду вайн къамелал»? – Цо аьлла: «Х1унда аьлча цара къамел дина Ислам сийлахь хилийтархьама а, шаьш жоьжахатах къелхьара довлархьама а, Къинхетаме Дела реза вархьама а. Амма вай къамел до вай сийлахьа хилийтархьама, дуьне лахархьама, халкъ (адам) реза дархьама а».
Лараме вежарий, йижарий! Шена чохь доккха ма1на долуш къамел ду х1ара. Ахь ойла йахь ч1ог1а пайде хира ду хьуна х1ара хаза къамел.
Вай деш долу к1езиг х1ума Делан дуьхьа делахь, иза деза ду хьуна. Вай деш долу доккха х1ума Делан дуьхьа дацахь, иза эрна ду хьуна. Вай мел деш долчу х1уманан къайле, иза Делан дуьхьа дар йу.
Веза-Сийлахьчу Аллах1а къинхетам бойла вайха. Дала Шен дуьхьа дойла вай лелош дерг. Дала Ша везар лойла вайна. Дала толам лойла Фалестинера бусалба нахана. Дала маьрша доккхийла Акъсо маьждиг. Дала толаман денош дохкийтийла вайн умматна. Дала къинхетам бойла «амийн» аьллачух.
Субхьа́накалло́х1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка.