Минбаран хьехамаш - страница 10

Шрифт
Интервал



Фарз – ламазна т1аьхара суннат – ламазаша метта х1итта до фарз – ламазехь хилла эшамаш. Фарз – ламазехь г1алаташ дийларца хилла эшам т1аьхьарачу суннат – ламазо метта х1отта до.

Цундела, дан деза вай суннат – ламазаш. Церан пайданаш дукха бу, вай хьахийнарш боцурш а. Х1ар жайн дахцадархьам бериг пайданаш хьахцабо вай.


3-Суннат – ламазаш лардеш верг ялсамани чохь Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, уллехь шена меттиг боккхуш ву.


Вайн пайхамаран (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цхьа сохьабий вара Рабий1а бин Ка1б Аль-Асламий ц1е йолуш. Иза жима стаг вара. Пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) г1уллакх деш, цунна улле ваьлла лелаш вара иза. Цо дуьйцу:

«Пайхамар (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) волчахь буьйса йоккхуш вара со. Буьйсанна цунна ламаз эца хи дохьура ас, цуьнан хьаште хьожура со. Цо элира соьга: «Деха соьга хьайна дезарг».

Аса жоп делира цунна: «Аса хьоьга доьху ялсамани чохь хьуна уллехь хилар».

Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Кхидерг деха».

Аса элира: «Иза доьху ас».

Т1аккха пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Т1аккха ахь суна г1о де, дуккха а сужданаш деш3».


Робий1ас, Аллах1 реза хуьлда цунна, шена дечу г1уллакхна дуьхьал пайхамарна, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, цунна диканца бекхам бан лиънера, цундела цо аьллера Рабий1е: «Хьайна дезарг деха соьга».

Ткъа Робий1ас х1ун дийхира? Робий1ас лоьхург х1ун хиллера?

Ялсамани йехна ца 1аш, ялсамани чохь уггаре лекха меттиг йийхира цо, пайхамарна, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, уллохь хилар.

Ткъа пайхамар, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, уггаре лекхачу Фирдавс олучу ялсамани чохь хир ма ву, иштта цунна уллехь хуьлуш верг а хир ма ву!

Йа Аллах1, ма доккха совг1ат ду-кх Робий1ан хилларг!!!

Иштта лекха меттиг йехна шена Робий1ас. Аллах1 реза хуьлда цунна. Ма доккха х1ума хиллера цо сатуьйсуш дерг. Цундела, Робий1ас доьхуш дерг дукх деза х1ума долу дела, цуьнан мах бала беза дела, пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, Робий1ас доьхучу х1уманан мах билгалбира – иза Далла дуккха а сужданаш дар бу. Ткъа сужда – Далла дуккха а ламазаш дарца хуьлу. Цу т1е нисвира пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, Рабий1а, цо дехначу х1уманан механа т1е.