Минбаран хьехамаш - страница 11

Шрифт
Интервал


Рабий1ас дехнарг, цо т1елоцуш дерг дукха доккха х1ума долу дела, цунна мелла а аттаниг далархьама, пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, элира цуьнга: «Кхидерг деха». Амма Робий1а, Аллах1 реза хуьлда цунна, вацара шен лаамна т1ера вер волуш, цо шена иза бен х1умма ца деза аьлча, т1аккха пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, цо бала беза мах билгалбира цунна.

Робий1ас, Аллазх1 реза хуьлда цунна, муьлхха а дуьненан х1ума дехнехьара, пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, лур дара иза.

Ткъа Робий1ан дуьненан хьал муха дара хаьий хьуна?

Робий1а чуваха чоь йоцуш, пайхамаран, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, маьждиг чохь…

Делан Элчан маьждиг.



…вуьжуш-г1оттуш ма вара, наха саг1ийна маьждиге деънарг бен кхин рицкъ а доцуш даа.

Зуда йалонза жима стаг вара иза. Даима меца волуш, тишделла, хийца шена т1ераниг бен кхин духар доцуш къен жима стаг вара Робий1а.

Уьш дерриш цо пайхамаре, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, дехнехьара, пайхамара уьш цунна лур дара. Шегахь уьш цунна дала дацахь а, Деле цо до1а дича, Дала и дерриге х1ума Робий1ана лур дара. Иза ч1ог1а дика хаьара Робий1ана, делахь а, шен дуьненахь боцу аьтто ца гора цунна, коьрта ойла иза йацара цуьнан.

Цуьнан ойла эхартаца йара, цигахь ша чуваха ялсамани йоцуш, цу чуьра даа мерза даар доцуш, ялсамани чуьра т1едоха хаза духар доцуш, ялсамани чуьра хаза хьурул 1ийн мехкарий, х1усамнаной боцуш, пайхамарна, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, уллехь а воцуш ша висарна.


Хаьара цунна ша дуьненахь мел хала вахахь а, и хало даима хир йоций. Йа дуьненахь аьтто хилла цу халонех хьалхавер ву, йа валарца чакхйер йу иза. Ткъа эхартахь дерг цкъа́ а д1ахедар доцуш, даима хир ду, цундела шена даима хин дерг дика хилийта лиънера цунна, цигахь дерг уггаре коьрта дуй хиънера цунна. Ткъа хьекъал долчу стага йийр йолу ойла йу иза.

Лекхачу, Везачу Дала ахь ма-деххар, х1ай Робий1а, пайхамарца, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, цхьаьна хуьлийтийла хьо ялсамани чохь, шун уллехь, тхо а шуьца хуьлийтийла Везачу Дала.

Иштта хилла-кх Робий1ас, Аллах1 реза хуьлда цунна, пайхамаре, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, дехнарг.


Робий1а санна чуваха чоь йоцуш, хийца духар доцуш, саг1ийна йелларг бен йуург йоцуш, зуда йало аьтто а, бан болх а боцуш хьо хилча, пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, Робий1е санна хьайга а деха аьллехьара, ахь х1ун доьхур дара? Робий1ас дехнарг доьхур дар ахь, йа дуьненан аьтто боьхур бара ахь?