Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Аллах1а къинхетам бойла къонахчух, малхбуза – ламазан хьалхара диъ рака1ат дина волчу».
Лараме ваша, йиша! Вайха Веза-Сийлахьчу Аллах1ан къинхетам хилар доккха х1ума ду. Вай декъал хира ду т1аккха. Вайн деригге г1уллакхаш то а делла нислур ду. Т1аккха хьажа ма хала дац Веза – Сийлахьчу Аллах1ан къинхетам вайна хилийта. Ма герга ву Иза вайна. Вай цхьажимма 1амал йичхьана Цуьнан къинхетам хуьлу вайх.
Хала ма дац малхбуза – ламазан хьалхара ши суннат – ламаз дан. Амма вайна цунах хуьлу пайда ма боккха бу-кх. Ма йоккха декъалалла йу-кх вайна цунах хуьлуш. Цундела, цу т1ехь само йеш хила деза вай. Малхбуза – ламазан хьалхара суннаташ деш хила деза вай.
Цхьаволчо хотту «Малхбуза – ламазана т1аьхьа суннат – ламаз дуй»?
Малхабуза – ламазана т1аьхьа суннат ламаз дац. Цунна хьалха ду ши суннат – ламаз.
СУННАТ – ЛАМАЗАШ ДАРАН
ПАЙДАНАШ
1-Суннат – ламазаш даран пайданаш дукха бу. Царех уггаре боккха пайда суннат – ламазаш деш верг Веза-Сийлахьчу Далла везаран пайда бу. Ткъа Веза-Сийлахьчу Аллах1ан везавелачунна 1аламат баккхий пайданаш хуьлу.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Сан лай Суна герга вохуш мел ву мелан 1амалш йарца, Суна иза везалур ву. Ткъа Суна иза везавелча Со цуьнан хазар хира Ву, цунна шеца хезаш долу. Цуьнан б1аьрса а хира ву Со, иза шеца хьожуш волу. Цуьнан куьг а Хира ву, цо д1адохуьйтуш долу. Цуьнан ког а хира ву, цо боккхуш болу. Цо Соьга дехча Аса цунна иза (цо дехнарг) даллане а лур ма ду. Цо Соьгара ларвар лахахь, иза ларване а ларвийр ма ву Аса».
Мелан 1амал йарца Веза-Сийлахьчу Далла герга вахар Далла дукха дезаш х1ума ду. Вайна ч1ог1а пайдехь ду иза. Х1ара цхьа хьадис тоьар дара вай мелан суннат ламазаш лардан. Уьш лардеш хьо хилахь, Веза-Сийлахьчу Делана хьо везало, т1аккха Иза хьан б1аьрса а, хазар а, куьг а, ког а хуьлу. И бохург, Цо хьан б1аьрсах а, хазарх а, куьйгах а, когах а беркат до бохург ду. Хьан до1ана жоп ца луш 1ийр вац Иза. Хьо лара ца веш а 1ийр вац хьуна оьшучу хенахь. Дуьненахь цул доккха х1ума х1ун ду хьуна?! Цул деза х1ун ду хьуна?! Х1умма а дац эр ду ахьа. Т1аккха вуй хьо суннат ламазаш лардеш? Вуй хьо дериг суннат ламазаш деш?
2-Лараме бусалба нах! Фарз – ламазашна хьалхара а, т1аьхьара а суннат – ламазаш Веза-Сийлахьчу Дала цхьана доккхачу хьикматна дина ду. Хьалхарчу суннат ламазаша шайн т1аьхьа дийр долчу фарз – ламазна ойла т1ейохуьйту алссам. Фарз – ламазна кеч во цо иза. Набарх самаваьлла волуш, йа г1уллакхашна йуккъера ваьлла волуш фарз – ламаз дан волавелча ойла дикка ламазна т1ейирзина хир йац цуьнан, набаран марзо хира йу цуьнца, йа г1уллакх дагахь хир ду. Цундела, хьалхара суннат дина волуш фарз – ламаз дан волавелча цунна т1е ойла дика йоьду.