Минбаран хьехамаш - страница 6

Шрифт
Интервал



Лараме бусалба нах! Веза-Сийлахьчу Дала вайна суннат дина фарз – ламазашна хьалхара а, т1аьхьара а суннат ламазаш дар. Суннат ламаз мелан ламаз ду, иза ца дича къа ца хуьлу. Делахь а, уьш дара ч1ог1а деза ду, мелехь а ду, йоккха ял хуьлуш 1амал йу. Уьш суннат дара аьлла мало йан мегар дац царна т1ехь.

Фарз – ламазашца деш долу суннат ламазаш шина декъе декъалуш ду:

1-Ч1аг1дина суннаташ;

2-Ч1аг1дина доцу суннаташ;

Ч1аг1дина суннаташ йалх ду, х1ора а ши рака1ат ду, шийтта рака1ат хуьлу уьш т1аккха.

Ч1аг1дина доцу суннаташ пхиъ ду, х1ора а ши рака1ат долуш, итт рака1ат хуьлу уьш т1аккха.


Ч1аг1дина йалх суннат ламаз, уьш:

1—1уьйра – ламазан халхара ши рака1ат цхьа ламаз.

2-Делкъа – ламазан хьалхара ши ламаз, х1ора ламаз ши рака1ат долуш.

3-Делкъа – ламазан т1аьхьара цхьа ламаз ши рака1ат.

4-Маьркъажа – ламазан т1аьхьара цхьа ламаз ши рака1ат.

5-Пхьуьйра – ламаз т1аьхьара цхьа ламаз ши рака1ат.

Х1орш ч1аг1дина йалх суннат ламаз ду, шийтта рака1ат хуьлу уьш.


Хаттар кхолдала тарло хьан: «Х1ун башхалла йу ч1аг1дина суннаташний, ч1аг1дина доцу суннатшний йуккъахь?»

Царна йуккъахь йолу башхалла, ч1аг1дина суннаташ Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, даима деш хилла, цхьана бахьанийца диснехь доькхуш т1едеш хилла цо уьш. Ша ц1ера ваьлчий бен дуьтуш ца хилла цо уьш.


Амма ч1аг1дина доцу суннаташ Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, наггахь деш а, наггахь ца деш а хилла ша ц1ахь волушшехь. И башхалла йу ч1аг1динчу а, ч1аг1 ца динчу а суннаташна йуккъахь. Делахь а, дезах дерг ц1ахь волуш ч1аг1динарш а, ч1аг1дина доцурш а дериш дар ду, амма ц1ера ваьлча 1уьйра – ламазан хьалхара цхьа суннат деш.


Ч1аг1дина доцу суннат – ламазаш, уьш:

1-Делкъа – ламазан т1аьхьара шоллаг1а суннат ламаз ши рака1ат.

2-Малхабуза – ламазан хьалхара ши суннат ламаз, х1ораъ ши рака1ат.

3-Маьрк1аж – ламазан хьалхара цхьа ламаз ши рпка1ат.

4-Пхьуьйр – ламазан хьалхар цхьа ламаз ши рака1ат.


Х1ара суннаташ дар ч1ог1а мелехь ду.

СУННАТА-ламазаш ДАРАН ЯЛ

Ч1аг1дина шийтта рака1ат (йалх ламаз) даран ял билгал йина йу вайна. Ма йоккха ял йу иза. Ма вай ч1ог1а сатуьйсу х1ума ду Веза-Сийлахьчу Дала вайна лундерг вай и шийтта рака1ат деш хиларна. Ладог1а кху хьадийсе:

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Цхьа а бусалба лай хир ма вац Лекхачу Аллах1ан дуьха х1ора дийнахь мелан шийтта рака1ат деш фарзаш доцуш, Аллах1а цунна ц1а диний бен ялсамани чохь».