Минбаран хьехамаш - страница 7

Шрифт
Интервал



Лекха – Сийлахьчу Аллах1ан муьлххачу а лайна шийтта рака1ат деш хилахь, Дала цунна ялсамани чохь х1усам йийра йу. Йа Аллах1! Ма боккха бекхам бу Веза-Сийлахьчу Дала вайна беш берг. Ма доккха дарж ду иза вайна. Лараме бусалба ваша, йиша, цхьанна а кепара дита ца деза вай и шийтта рака1ат. Цхьана бахьанан диснехь доькхуш дина а т1е дан деза. Оццул к1езиг х1ума дарна Дала вайна ялсамани луш хилча, ялсамани чохь исбаьхьа хаза х1усам луш хилча, сиха дала деза вай иза вайна йаккха. Сутара хила деза вай иза вайна хилийта. Х1умма а хала доцург ма ду шийтта рака1ат дан, амма цунах хуьлучу йоле хьажахьа! Лараме ваша, йиша, варийлахь, даима и суннат ламазаш лардеш хилалахь, дохко вер вац (йера йац) хьо.


Ч1аг1дина доцу суннаташ а лардар ч1ог1а деза ду, уш ч1аг1дина дац аьлла 1ен ца деза вай, х1унда аьлча, Аллах1ан Элчано а, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ма ца дитина уьш ч1аг1дина дац аьлла. Цундела, цунах масала эца деза вай, цунах тардала деза вай.


Х1инца ч1аг1дина суннатех а, ч1аг1дина доцу суннатех а цхьадолчу суннат – ламазийн дазалла хьахор ду вай.

1—1уьйра – ламазан хьалхара суннат ши рака1ат ламаз

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«1уьйра – ламазан ши рака1ат (ламаз) диках ду дуьненал а, цу чохь долчу х1уманал а».


1уьйра – ламазан хьалхара ши рака1ат суннат ламаз ду Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, дуьйцург.

Хьажа, мел деза ду 1уьйра – ламазан хьалхара ши рака1ат суннат. Ткъа 1уьйра – ламазан суннат оццул деза хилча, 1уьйра – ламаз мел деза хир ду аьлла хета хьуна?!

Шеко йоцуш иза дуккха а деза ду. Валлах1и вай йан ма йезза цуьнан ойла йахь, вайна хуур ду 1уьйра – ламаз а, цуьнан суннат ламаз а Веза-Сийлахьчу Делера доккха совг1ат хилар вайна.

Вайна хала ду иза шен хена чохь дан, цундела дукхах долчу уммато шена хена чохь деш дац иза, деш делахь а. Амма цу 1уьйра – ламазан хенахь царна дуьне луш хилча дийра дарий уммато 1уьйра – ламаз шен хенахь?! Дуьтура дарий бусалба стага цхьа а 1уьйра – ламаз?! Дера дуьтура дацара, йа аьттехьа а ца деш 1ийр а вацара.


Гой хьуна, дуьне диках хета умматна эхартал. Дуьненан дуьхьа къахьега кийча бу бусалба нах, динан дуьхьа къахьоьгунберш к1езиг бу. К1езиг х1унда бу? Дера бу 1уьйра – ламазан г1овттуш берш къезиг болу дела. Гой хьуна, нисса б1останехьа хийцабелла бусалбачу нехан кхетам! Пайхамаран, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, заманахь бусалба нехан кхетам нисса б1останехьа хилла тахана болчу бусалба нехан кхетамах. Цара дин хьалха доккхуш хилла дуьненал а. Эхарт хьалха доккхуш хилла дуьненан х1уманал а. Цундела дуьнен т1ехь уьш элий хилла. Церан дош хилла дуьнен т1ехь лелаш дерг. Кериста нах озалуш хилла царех. Кериста нахана т1ехь толамаш бохуш хилла цара, х1унда аьлча, Веза-Сийлахьчу Дала толам Шен эхарт дезачунна ло дела. Шен дин дезачунна ло Цо толам.