Цундела ду умматан хьал тахна иштта ирча. Шен динах гена даьлла уммат. Иза цу т1е йухадерзахь, т1аккха Веза-Сийлахьчу Дала толам схьалур бу цунна.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ч1ог1а лардеш хилла 1уьйра —ламазан хьалхара ши рака1ат суннат – ламаз.
Пайхамаран, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, х1усамнанас 1а́ишатас, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, вацара суннат ламазашах 1уьйра – ламазан ши рака1ат санна ч1ог1а цхьа а х1ума лардеш».
Хьажа, мел ч1ог1а лардеш хилла Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, 1уьйра – ламазан хьалхара ши рака1ат суннат ламаз. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ц1ахь а, некъахь а дуьтуш ца хилла и суннат ламаз. Ткъа 1уьйра фарз ламаз мел деза хира ду аьлла хета хьуна?!
2- Делкъа – ламазан суннаташ
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Миллаъ хиллехь делкъа – ламазан хьалхара диъ рака1ат а, т1аьхьара диъ рака1ат а лардеш2, Аллах1а иза ц1арна (жоьжахатна) хьарам вина».
Иштта деза ду делкъа – ламазан хьалхара а, т1аьхьара а суннаташ. Уьш деш хилларг Веза-Сийлахьчу Дала жоьжахатан ц1арна хьарам вийра ву. Ма доккха х1ума ду иза! Лараме бусалба нах, ма ч1ог1а лардан дезара вай уьш. Ма ч1ог1а тасадала дезара вай царех. Оццул атта жоьжахатан ц1арах къелхьара девлча доккха х1ума ма ду иза. Йоккха декъалалла ма йу иза.
Амма тахна вай дукха дуьту и суннат ламазаш. Сихаллехь а, ларацадарехь а, г1уллакхаш хьалхадовларца а, йа дог ца даг1арца а. Иза вайна боккха эшам бу. Доккха зен ду иза вайна. Г1уллакхаш чакхдевр дац хьуна, хьо валлалца хира ду уьш. Цундела, хьо пархата валаре са ца туьйсуш, мукъа валаре ца хьоьжуш, х1ара суннаташ лардан хьажа веза хьо. Х1орш даима деш хила хьажа. Нагахь санна цхьана г1уллакхна суннаташ дан лара ца вахь, доькхуш дай а деш хила уьш. Хьажа, Веза-Сийлахьчу Далла ма ч1ог1а деза вай уьш деш хилар. Ма доккха совг1ат ду Цо вайна лушдерг. Жоьжахатан ц1арх хьалхавитарал кхин х1ун доккха совг1ат хира ду.
3-Малхбуз – ламазан суннаташ
Малхбуз – ламазан хьалхара ши суннат – ламаз ду. Х1ораъ ширака1ат деш. Уьш ч1ог1а деза суннаташ ду. Церан дазалла билгалдеш Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьллачуьнга ладог1а ахьа.